Как переводится Ассаламу 1алайкум! Мехкан тезет деана вайн Даймахка! Везчу Аллах1а шена йелла хан чекхйели Омаев Дагунан. Нохчийн къоман, Кавказан, йерриге Россин сийлахь к1ант вара Дагун. Уггаре а халчу заманчохь дуненна а гайтира цо вайн къоман хаза г1иллакхаш, стогалла, къонахалла, йахь, доьналла, оьздингалла. Вайн Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьажин деган доттаг1а вара Дагун. Тхойшинна йукъахь а йара йоккха марзо! Омаев Дагун санна волу, махкана а сийлалла йолу стаг наггахь бен хуьлуш вац. Боккха деганлазам бу вайна цуьнан дарже кхаьчнарг кхин ца хилар. Омаев Дагун хууш вара жимачуьнца жима хила, воккхачуьнца воккха хила, массаьрца а к1еда-мерза хила! Вайн къомана, махкана иэшам бу Омаев Дагун вайх къастар. Аса а вайн Мехкан муфтис Межиев Салахь-Хьажас а кадам бира Омаев Дагунан доьзале, цуьнан гергарчу нахе. Аллах1а къинхетам бойла Дагунах а, массо а бусалба адамах а!?

Гость - добавлено 3 года назад
Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.