Как переводится Безамца ягар сай, сийлахьа хета, Дагчу д1аязйина хьа еза ц1е! Даима хьо везаш, хьо дагчохь лелош, Доккху ас дахаран сай массо де! Хьо сайна вовзарна, хастам бо Далла! Безамо тешийна кху дуненчохь, Ца хета балано лаьцна сай кира! Хьа ц1арца боккху ас, мел бокху ког! Са мерза ойланаш, ю хьоца хьерчаш, Ирсе еш даима со дахарехь! Хьо болу сан безам сан ц1ийца боьлла, Со лахь а, хир бу иза даима дагчохь! Нагахь хьай дахарехь новкьарло йинехь, Гечделахь суна, кьинхетам беш! Вуй те хьо дуьненчохь, сох хьогуш лелаш? Сан ц1енчу безаман тидам ца беш? Нагахь ас ца хууш вас еш, дош аьллехь, Доьху ас, кьинт1ера валалахь хьо! Хьо болу сай безам, сай дагчохь кьуйлуш, Сийлахьчу безамца й огуш ю со!?

Гость - добавлено 3 года назад
Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.