Как переводится Нохчо Тайпа тукхам нохчийн делахь, Bopxle да хьан нохчо хиллехь, Нохчийчоь хьан нана елахь, Ненан мотт синкхача белахь, Орамера нохчо ву хьо. Далла бен хьан сужуд дацахь, Хьаьжин ц1а хьан къилба делахь, Бакъ Пайхамар бакъвеш велахь, Иман-1илма калам делахь, Хьо устазаш лоруш велахь, Орамера нохчо ву хьо. Далла бен хьан сужуд дацахь, Г1иллакх-г1уллакх хьоьца делахь, Хьайн къамелан хьо да велахь, Эхь-бехк сица ц1ийца делахь, Нохчолла хьан бахам белахь, Вац хьо нохчо иштта дацахь. Цхьаъ волчуьнца накъост вацахь, Хатта даге, вуй хьо нохчо, Дала витац шен лай цхьалха?! Орамера нохчо ву хьо Далла бен хьан сужуд дацахь.?

Гость - добавлено 3 года назад
Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.