Как переводится Йижаршна лерина Къоналле вирзина,хан-зама яьлча Дахаран риц1къано,со лиэ ца во! Набаро 1ехийна,корта лахбелча Сан хьоме йиша,хьан йоьхь-сибат го! Жималлехь,диканан-декъаха къесташ Кегийчу вежаршна лай хилла хьо! Нанас шен беранна,безамца хьоьстуш Ахь-санна,озане мукъамаш бо! Нагахь:тхох ларамза цхьаъ охьакхетча Б1аьрга буй хьийзабеш,хьо йоьлхуш го Амма хьох цецваьлла,г1ийла б1аьргкхетча Со хьоьстуш,хьо сайна къиэжаш тарло Набаран г1алартех са-парг1атдаьлча 1адийна со 1уьллуш ас терго йо! Чуьрарчу берашка,мохь-ц1ог1а даьлча Хьан йоьхьан сибаттах къаста ца ло! Геналлехь,ойланах хуьлу сан-пхьяьлча! Хиэро цахиларан-цхьа билгалло: Суьйренца,г1айг1ане-пхьоьг1ане ваьлча Са карзахдолий-сан дог,туохало! Да-нана даьхначу х1усаме хьоьжуш Сатуьйсуш лиэла со,хуорам хуьлий! Эхарте кхаьчначу синойх а хьоьгуш Д1адоьду сан дахар,х1аваъ-туьдий!?

Гость - добавлено 3 года назад
Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.