Как переводится БУРЧАЕВ Хьаьлим PDFПечатьE-mail Автор: Administrator 04.09.2013 09:18 поделиться Ларйоцуш ца дов дIадахнарг (Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» повестах) XIV бIешеран чаккхе. 1395-чу шеран бIаьста, апрель баттахь, Нохчийчу кхочу АстагI Тимаран доккха эскар. Оццу баттахь Терк-хин йистошца АстагI Тимара тIом бо кхечу мехкашдIалецархочун – Тохтамышан эскарца. Тохтамыш оьшу. Цул тIаьхьа Тимар ерриге а ДегIастанехула чекхволу. Шина шарахь сов олалла до АстагI Тимара Къилбаседа Кавказехь. Оцу муьрехь нохчаша а, кхечу къаьмнаша а хаддаза дуьхьалойо мехкашдIалецархочун гIеранашна. Оцу къаьмнийн гIортор хилла уггар хьалха майралла, доьналла, маршоне дозадоцу безам, шолгIа – юькъа хьаннаш а, хийла бIеннаш шераш хьалха дуьйна уьш лардина лаьмнаш а. АстагI Тимаран бIо, ламанхой кхин къарбала а ца тигна, эрна цхьаьнаметта ца латтархьама, юхабоьрзу. XV-чу бIешеран юьххьехь дуьйна нохчий шайн аренца долчу латтанашна тIе охьакхалха буьйлало. Иштта бу оцу шерех болу историн хаамаш. Изза тIечIагIдо нохчийн ширачу хабарша а. ХIинца а йолуш ю оцу заманан хиламаша кхоьллина меттигийн цIераш, масала: АстагI Тимаран саьнгарш. Вай лакхахь хьахийначу историн хиламех лаьцна ю нохчийн вевзашволчу поэтан Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» цIе йолу стихашкахь повесть. Нохчийн истори евзачарна бевзашболу и хиламаш Арсанукаев Шайхис исбаьхьаллин дешнашца буьйцу, ткъа исбаьхьаллин дош синхаамашна тIеIаткъам чIогIа болуш хуьлу, историкийн доццачу тоьшаллел. ХIара говзар ша кхуллуш, авторо шена хьалха хIоттийна Iалашо АстагI Тимаран а, нохчийн а вовшашна дуьхь-дуьхьал латтар гайтар хилла ца Iа, цо кхузахь гайтина Нохчийчуьра хIетахьлера политикин а, Iер-дахаран а хьелаш, юкъараллин дIахIоттаман башхаллаш, луларчу къаьмнашца хилла юкъаметтигаш, хIетахьлерчу къизачу хенахь даьхначу адамийн синкхетам, амалш, дуьненехьежамаш. Стихашкахь повестан эпиграфехь далийна ду оьрсийн сийлахьчу поэтан А.С. Пушкинан кIорггера чулацам болу дешнаш: «Шен дайн хьуьнарийн сийлаллех куралла яр, мегна ца Iаш, декхар а ду: и цаларар иэхьен осалалла ю». Цуьнца цхьаьна догIу поэмин авторан дIадолор а:?

Гость - добавлено 3 года назад
Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.