Как переводится Шуьга ду маршалла, хьомсара накъостий, Дехийла, ирс хуьлда, IадIелаш шу ховший, Шун оьзда гIиллакхаш - Даймехкан безам бу, Барт болуш гулдалар - сан дагна хаза ду. ЦIеххьанчу орцано сихонца айвина, Кхочучу ницкъаца накъостал дан лиъна, Даймехкан декхаро гIаттийна вогIу со, Шен дикчу кIенташка дIаала боху цо: Челакха ойланаш шен коьртехь сецаеш, Чохь чIана эшийна шун дагна вас ца еш, Массанхьа Iу хилла, шаьш хала кхиийна И къена шайн дада тергалве, боху цо. Хеназа самаюьйлуш, шун меттан мотт хуьйцуш, Мерзачу набарна аганан гIожца туьйш, Доьзалан хьашташа хеназа къежйина Хьомсара шайн нана йиц ма е, боху цо... Де доьхна Iаьржачу халоно хьовзийнчохь, Мацалло бIаьрздина, гIелонна кIелдуьсчохь, Бохамна, харцонна юьхь дуьхьал хIиттинчохь Собарах, стогаллах ма довла, боху цо. Хало тIейоьттинчохь, стогаллах хьо валахь, Хьайн мехкан сий лардан ахь хьайн дог кхоадахь, Хьомечу хьайн ненан юьхь-сибат ахь дицдахь, Ша - Даймохк кIинтIера бера бац, боху цо...?

Гость - добавлено 3 года назад
Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.